1. Международный день родного языка
post

Международный день родного языка

Шен ненан мотт халкъо, Сий ойбуш, Iалашбахь, Цу халкъан паргIато Цхьаммо а хьошур яц. (Мамакаев Мохьмад) Шайн барамца даккхий а, кегий а эзарнаш къаьмнаш ду дуьненахь. Эзарнаш меттанаш а ду, хIора къомана а шена-шена делла. Царна юкъахь бийца атта а, хьалдолуш хиларца шен меттиг д1алоцуш бу нохчийн мотт. Меттан гIоьнца бIешерийн кIоргенера таханлерчу дийне схьаеана вайн къомо шен башхалла, вуьшта аьлча ламасталлин культура. Цхьаммо ца къуьйсуш, дахаран бакъдерг ду, шен мотт боцуш къам хуьлуш цахилар. Къам хиларан коьрта билгало ю мотт. Дерригенан бух бу и. Мотт боцуш хуьлийла дац къоман культура, литература, оцу къоман шен гIиллакх. Иза дIабаьлча, лар ца бича, довш ду къам. Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан Указца вайн республикехь хIора шарахь лакхарчу тIегIанехь 25-чу апрелехь даздеш ду Нохчийн метан де. Вайн тIекхуьучу тIаьхьенашна жимачохь дуьйна шайн мотт марзбаран Iалашонца белхаш бу вайн дешаран хьукматашкахь д1ахьуш. Иза мехала г1уллакх ду. Дала декъала войла массо а дуьненан юкъара ненан меттан денца!