1. Поздравление республиканской газеты «Даймохк»
post

Поздравление республиканской газеты «Даймохк»

Ша дуьххьара зорбане даьллачу 1923 шеран оханан беттан 23 дийнахь дуьйна нохчийн къомаца цхьаьна, цуьнца некъ беш, цо ловшдерг лан а ловш, цуьнца хазахетарш-халахетарш а, дика-вон а доькъуш, къоман историн, культурин гIортор а хилла, гIиллакх-оьздангаллин гIарол а хилла, кху дийне кхаччалц схьадеана «Даймохк» газет. Хlокху доллучу дуьненахь вайн ненан маттахь арадолуш и цхьаъ бен газет ца девза вайна. Цундела вайна массарна а цхьатерра хьоме ду и. Шаьш хьоьгучу къинан мах хадийна цаваллал, нохчийн мотт а, йоза а кхиорехь, махкахь а, дуьненчохь а хуьлуш болу хийцамаш, хиламаш, хаамаш бовзийтарехь боккха а, сийлахь а болх бу цуьнан редакцин белхалоша беш берг. Шайна мел хало хилча а, ненан мотт безарна, Даймохк безарна, къам дезарна, яхь дlа ца луш, махкахь дикачу агlора хуьлучу кхиамех баккхий а бийбеш, махкана хьалха долу деза-доккха декхар хьанала кхочушдеш схьабогlуш бу уьш. Къомах къам деш болчу нахана, махках мохк беш болчу нахана и дика хууш а ду. Ас Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан белхалойн цlарах а, иштта сайгара а даггара декъалйо «Даймохк» газетан коллектив газетан 97 шо кхачарца! Дала кхидlа йолчу ханна иштта чекхдовла могушалла, ницкъ, хьекъал, доьналла лойла шуна! Дала, ирс долуш, тхуна дуккха а дахадойла шу! Дала аьтто бойла шун! Дала тlаьхье беркате йойла шун! Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректоран декхарш кхочушдархо Байханов Баудин воl Исмаlил