1. Баркаллин дешнаш
post

Баркаллин дешнаш

Кху шарахь вайна ма-хаьара Нохчийн меттан де ша-тайпа хилла вайн. Х1оьттина хьал иштта делахь а, дукха хаза, тайп-тайпана къийсамаш, ловзарш, онлайн- мероприятеш, эстафеташ, дийцарш, байт-аларш а д1аяьхьна Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ц1арах. Цу хьокъехь даггара сайн ц1арах а, массо а нохчийн маттах дог лозуш а, цуьнца уьйр йолу нохчочун ц1арах а, даггара баркалла олу, вайн меттан Де даздарехь дакъа мел лаьцначунна. Студенташ, институташ, факультеташ, массо а белхалой, и даздарш вайца декъна болу массо а нах,  даггара ДЕЛА реза хуьлийла шуна! Къаьсттина баркаллин дешнаш ала лаьа вай университетан Нохчийн филологин кафедрин 1илманчашна а, церан куьйгалла деш йолчу Навразова Хьавана а! Шу санна болу 1илманчаш тхан доккха дозалла ду, деган йовхо ю. Со тешна ву, шу санна болу 1илманчаш вайн махкахь мел бу, вайн меттан хьал кхин д1а а толуш хирг хилар. ДЕЛА реза хуьлийла шуна массарна а, ДАЛА ШЕН дуьхьа дойла аша мел лелош дерг! ДАЛА вайна белла мотт ларбарехь къахоьгучарех дойла вай дерриге а! Ларамца, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректоран декхарш кхочуш деш волу Байханов Баудин воl Исмаьlил.