1. Соболезнование в связи с кончиной Аманды Асуханова
post

Соболезнование в связи с кончиной Аманды Асуханова

Тахана, вай халахетарца хаам бо Аманды Асуханов кхалхар хьокъехь. Сайн а, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ц1арах а, цуьнан доьзале а, гергарчаьрга а халахетарца кадам бо. Аманды Абасович шен говзаллин лаккхара мах хадина говзанча вара, Россин пачхьалкхан искусствон сийлахь г1уллакххо, Нохчийн Республикин къоман суртдиллархо, Дагестан Республикин сийлахь суртдиллархо а. Вай махкара а, дозанал арахьара а говзанчашна боккха эшам бу Асуханов санна пох1ма долу стаг юкъара къастар. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь Асухановс къахоьгу ткъех шо хан яра. Цо ша болх бечу юкъана гайтира ша кхиаме суртдиллархо а, оьзда адам а, говза хьехархо а хилар. Дуккхачу нехан дагчохь вас юьтуш д1аваха Аманды Абасович. ДАЛА декъала войла и! ДАЛА Ялсмане хьаша войла! Ц1ерачарна ДАЛА ийманца собар лойла! Ларамца, Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректоран декхарш кхочушдархо Байханов Баудин воl Исмаlил.