1. К 16-летию со дня создания Регионального Общественного Фонда имени Героя России Ахмата-Хаджи Кадырова
post

К 16-летию со дня создания Регионального Общественного Фонда имени Героя России Ахмата-Хаджи Кадырова

Шен халкъаца бала болуш, цуьнан лазамашца бехаш куьйгалхой боцуш, цаьрга сатуьйсуш схьадеана нохчийн къам. Нохчийн Республикин Хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа (Дала г1азот къобал дойла цуьнан)—шен халкъан дуьхьа баьхначу куьйгалхошна юкъахь а хьалхара вара. Оцу некъах ца вухуш, юхацаволуш, шен дахар д1аделла а ву иза. Дела реза хуьлда цунна, Дала декъал войла и. Тахана доллучу дуьненахь шен беркат даьржина схьайог1у Кадыров Ахьмад-Хьаьжин ц1арах йолу Юкъараллин Фонд. Оцу фондан Президент йолчу Аймани Несиевнин къинхетаме дог хилар бахьанехь, вайн махкахь а, генна дозанал арахьа а дукха нахана г1о дина фондо. Тайп-тайпанчу сурсаташца, ц1енойн г1ирсашца, молханашца, ахчанца эзарнаш-эзарнаш адамашна беркате г1о-орца кхачийна Аймани Несиевнас.  Фонд, кхоьллина 16 шо кхачарца даггара декъалйо, цуьнан Президентан Аймани Несиевнин ц1арца. Аллах1-Дала ахьа мискачу нехан хьаьстина дог хьостийла хьан, тхан лераме Аймани Несиевна! Дала аьтто бойла хьан а, хьан тешаме накъостийн а, шайн атта боцчу,  амма Дела разаволчу хьаналчу некъа т1ехь.