1. Нохчийн меттан денца декъалдар
post

Нохчийн меттан денца декъалдар

«Нохчийн къам дийна хиларан мокхазан ч1аг1о ю ненан мотт» —  Кадыров Ахьмад-Хьажа.


Лараме махкахой!
2007-чу шеран 11-чу майхь Нохчийн Республикин Президент Р.А. Кадыровн Указца юкъадаьккхина республикин бахархоша 25-чу апрелехь Нохчийн меттан де даздар.
Хууш ма-хиллара, республикин куьйгалхочо иштта сацам бина нохчийн мотт кхиоран а, марзбаран а 1алашо йолуш, нохчийн юкъараллин оьздангаллин хьал тодарехь а,къоман бакъдолу ламасташ, г1иллакхаш меттах1итторехь а коьрта дакъа цуьнан хиларна.
Ларамца,Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан ректор Байханов Исмаь1ил.