1. Ассаламу Ӏалайкум
post

Ассаламу Ӏалайкум

Тахана Нохчийн Республикин Мехк-Дас, лакхара мах хадош, «Нохчийн Республикин Халкъан хьехархо» аьллачу цӀарца со, Баркаллин кехаташца сан накъостий — НПХьУн хьехархой а базби. СовгӀаташ диначу тхуна хилла ца Ӏаш, тхан университетан белхан коллективана а йоккха сийлалла а йу, хазахетар а ду иза. Оцу совгӀаташца.

Турпалхойн Мехкан Турпалчу Мехк-Дас тхан мах хадийна ца Ӏа, ас куьйгалла дечу тхан йерриг белхан коллективан сий дарца мах хадийна цо. Тхуна бӀаьрла хетачу оцу хиламо тоьшалла до тхан белхан хьежам, оха йуьхьарлаьцна Ӏалашонаш нийса хиларна. Вайн Республикин дуьхьа, вайн халкъан дуьхьа къахьегар а, тхоьга тешийна кегийрхой кхиош-кхетор а, царах вайн къомана пайде а йолуш, хьакъ йолу тӀаьхье кхиор а дӀахьур ду оха кхин дӀа а, кхин алсам а.

Сайн цӀарах а, тхан белхан коллективан цӀарах а, Лараме Ахьмад-Хьаьжин не Рамзан, баркал-Дела реза хуьлийла хьуна, ахь, лакхара мах хадош, деллачу совгӀаташца тхан а, НПХьУн белхан а бинчу ларамна.

Ларамца, НПХьУн ректор Байханов Баудин Исмаь1ал