post

Нохчийн филологин кафедрин нохчийн меттан а, литературин а кабинетан куьйгалхочо Абдурахманов Амадин Дианас д1айаьхьира дешархошца хьалхара классал арахьара урок: «Даймахкана гӀуллакх дар бохург хӀун ду? Ши б1е дезткъа шо кхаьчна Ф. Ушаков дуьненчу ваьлла».


Классал арахьарчу урокан коьрта 1алашо йара: патриотизмах, Даймахках, Даймахкана гӀуллакх дарах, доьналлех, турпалаллех лаьцна дийца. Иштта Амадин Дианас дийцира оьрсийн дикачу адмиралах Ф.Ф. Ушаковх лаьцна.
Оьрсийн уггаре а баккхийчу хӀордан эскаран буьйранчех цхьаъ лоруш ву иза, хӀордан флот кхиорехь лаккхара дакъа лоцуш ву иза. Иштта билгалдаьккхира Абдурахманов Амадин Дианас Даймахкана гӀуллакх дар – иза Даймахкана хьалха шен декхар кхочушдар ду, цуьнан истори а, культура а ларйар ду. Дешархоша хазахетарца ладуьйг1ира керла, оьшуш, пайде хаамаш болуш йина йолчу классал арахьарчу уроке.