1. Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дIайаьхьира «Хено голатухучохь» цIе йолу горга стол
post

Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь дIайаьхьира «Хено голатухучохь» цIе йолу горга стол

Нохчийн меттан кIиран гурашкахь нохчийн филологин кафедрехь дIайаьхьира Борхаджиев Хожбаудин кхолларалина лерина горга стол. Оцу горгачу стоьле кхайкхина вара ша йаздархо.


Цхьаьнакхетарехь студентийн аьтто белира поэт, йаздархо, журналист, публицист, гочдархо, «Гумс» газетан коьрта редактор, Россин йаздархойн союзан декъашхо волчу Борхаджиев Хожбаудин дахаран а, кхоллараллин а некъах лаьцна долу шайн хаарш т1едуза.
Иштта цхьаьнакхетарехь ладуьйгIира цуьнан байташка, йевзира цхьайолчу исбаьхьаллин произведенийн кхоллараллин истори.