1. Нохчийн филологин кафедрехь дIайаьхьира «Нохчийн поэзин жовхIар» цIе йолу мастер-класс
post

Нохчийн филологин кафедрехь дIайаьхьира «Нохчийн поэзин жовхIар» цIе йолу мастер-класс

Нохчийн меттан денна леринчу даздарийн гурашкахь нохчийн филологин кафедрехь «Нохчийн поэзин жовхIар» цIе йолу мастер-класс дIайаьхьира Исаков Наврдин Бирланта, Соьлжа-ГIалин №5 йолчу Гимназин нохчийн меттан, литературин хьехархочо.


Гайтаран урокехь студенташа йешаран говзалла кхиоран тIедахкарш а кхочушдира, йуьззина лирически произведенин анализ а йира, гӀиллакх-оьздангаллин мехалла а йаьстира.
Цхьаьнакхетар дерзош, Бирланта дийцира урокан дlахlоттамехь хиллачу хийцамех лаьцна а, шен кхочушдан лоручу жамIашка кхача, муьлхачу гIуллакхдаран некъех ша пайдаэцна а.
И санна мастер-классан кепехь долу цхьаьнакхетарш мехала ду студенташ демонстрационни экзамен йаларна кечбарехь.