Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан студенташ «Орга», «Вайнах» журналашка йазбелира
Тахана НПХьУ-н филологин а, историн а, бакъонан а институтехь литературин-исбаьхьаллин «Орга» журналан коьртачу редакторца Алиева Зариница цхьаьнакхетар дӏадаьхьира. «Орга» журнал — нохчийн литературин процессан куьзга» аьлла йолу и мероприяти нохчийн литература кхиаран, талларан, хьехаран хьелашна лерина йара.
Заринас студенташна дийцира, «Орга» журнал кхолладаларан, кхиаран исторех, цо литература а, литературин теори а кхиарехь дӏалоцучу меттигах а лаьцна. Институтан директора Мусханова Иситас шен къамелехь билгалдаьккхира нохчийн мотт, литература хьехарехь «Орга» а, «Стелаӏад» журналех ӏаламат пайдаоьцуш хилар, Хьехархойн университето хьалха дуьйна а оцу редакцешца гергарло лелош хилар а.
Цхьаьнакхетар дӏадирзинчул тӏаьхьа студенташ, Университетан ректора Байханов Исмаӏила дӏакхайкхинчу йаздаларан кампанин гурашкахь, «Орга», «Вайнах» журналашка йазбелира. Царах дукхахболчара билгалдаьккхира и журналаш шайна школехь дуьйна девзаш хилар, нохчийн мотт ӏамош, шаьш цунах эцна пайда а.













